НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА
29.12.2023
Катар-Юьртара йуккъера йукъарадешаран лоьмар 2 йолчу школехь.
Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, гIуран беттан 28 дийнахь ишколехь дlадаьхьира «Ненан мотт - къоман йуьхь, халкъан орам» цIе йолу цхьаьнакхетар.
Байташ йешарца тIеийцира дешархоша хьеший. Цул тIаьхьа хелхаран бал а баьккхина, хьехархоша а, дешархоша а хIоттийначу ширачу дахаран сурт ган таро хилира церан: кIудалца хитIа йоьду йоI, хьаьжкIаш тилош мехкарий, шур чекхйоккхуш нус, тIаргIа къажбеш мехкарий. Иштта дIахIиттийна ширачу хIуманийн гайтар: куьйра, тIобоккхург, корехь богу къуьда и. дI. кх.
Дешархоша жигара дакъалецира оцу цхьаьнакхетарехь. Цара йийшира нохчийн меттан гIарабевллачу классикийн Даймахках, ненан маттах лаьцна поэзи, тайп-тайпанчу эшаршца хаийтира шайна нохчийн мотт хьоме хилар, гайтира театральни говзалла гIиллакх-оьздангаллех лаьцна постановкица.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Идигов Дукхвахин Мархас баркаллин дош элира кечам бинчу хьехархошна а, дешархошна а. Цо тидаме ийцира дешаран системехь къеггина хаалуш болу нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а болу кхиамаш.